КНИИ РАН

КОНТАКТЫ

Почтовый адрес: 364051, Россия, Чеченская Республика, г.Грозный,

В. Алиева (Старопромысловское шоссе), 21 а

e-mail: Этот адрес электронной почты защищен от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра.

Т./ф.: (8712) 22 26 28

(приёмная)

ИНН: 2020003476

КПП: 201 601 001

A+ A A-

ХЬАНАЛЧУ КЪИНХЬЕГАМЕХЬ ИРС КАРИЙНАРГ

Язйина: 09.02.2018, 00:10 Вайн Къоман ВекалшКерланашКоьртаЮбилей | 

(Историн Iилманийн докторан Ибрагимов Мовсаран 60 шо кхачарна лерина)

Иза цхьа тамашийна, башха амал йолуш стаг ву. ГIиллакхе, оьзда ву. Хетарехь, лам санна, доккха долчу собаран гIад ду цуьнан тайна амал кхоьллинарг. Багара йолу Iаь кIеда-мерза, ладогIа дог доуьйтуш ю. Цо дечу къамело гойту иза кIорггера хаарш долуш хилар. Бакъду, бух боцу хIорд санна, хаарш дара аьлла кураллех хьаса-м бац цуьнан сица. Иза хьаьнцца а къамеле вала а, оьшучунна гIо-накъосталла дан а кийча ву. Цунна къеггина тоьшалла ду профессор лоруш вайн махкахь дуккха а нах хилар. Нохчаллех къилба дина вехаш ву похIме Iилманча. Цундела дуккха а бевза-безарш, доттагIий, цIеначу даггара иза лоруш белхан накъостий бу цуьнан. ХIаъ. Историн Iилманийн доктор, профессор Ибрагимов Мовсар ву. Нохчийчохь а, генна дозанал арахьа а вевзаш ву. Цуьнан хьанал къинхьегам а, муьлххачу къомах долчу адамашца мерза юкъаметтиг латто хаар а ду цуьнан цIе шуьйра йовзаран бахьана. Iилманча цкъа а мокъа Iаш вац. Иза хаддаза кхоллараллин лехамашкахь ву. Хьаналчу къинхьегамехь шен ирс карийна цунна.

Бералла

Нохчийчоьнан уггаре а хазачу меттигех цхьаъ йолчу Веданан кIоштарчу Марзойн-Махкахь 1958-чу шеран чиллин (февраль) беттан 5-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Ибрагимов Мовсар. Шайн ворхIе дегахь дуьйна къоман гIиллакхаш, йоIбIаьрг санна, лардеш хенебийлинчу гунойн Муслин доьзалехь вина иза. Хьанал даьккхинчу напхица хьалакхиийра дас шен боккха доьзал. Цуьнан бархI бер дара: ворхI кIант, цхьа йоI.

Диг, бел каралаццал хилчахьана ков-кертахь дан дезачунна юкъадозара Муслис шен бераш. ЙоI нанас чохь дан дезачу дезаршна Iамош хиллехь, кIентий дас кертарчу гIуллакхашна юкъаийзабора, берийн ойла акха ца ялийта, къинхьегамца церан уьйр-марзо хилийта. Цундела Муслин доьзалш халкъана, махкана пайде, вайх хIорамма а шайх дозалла дан хьакъ долуш, кхиъна.

Массо а, лакхара дешаран кхерч чекхбаьккхина, тайп-тайпанчу меттигашкахь къахьоьгуш ву. Мовсар хилла ца Iа ИбрагимовгIеран доьзалера ваьлла Iилманча. Вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а, иштта, дика евзаш ю цуьнан воккхахволчу вешин Мусан цIе. Иза а ву историн Iилманийн доктор а, профессор а.

Юьхьанцарчу школехь дуьйна дика доьшуш бара вежарий. Кест-кеста кхечу дешархошна хьалха масаллина йохура церан цIерш. Церан цIийца долчух тера дара хаарийн кIоргене кхийдар. Юьхьанцара школа, кхиболчу шен вежарша санна, Марзойн-Махкахь чекхъяьккхира Мовсара. Юьртара школа юьхьанцара бен цахиларна, кхидIа Веданарчу интернатехь деша дийзира кIентан. Цигахь бархI класс чекхъяьккхина, №2 йолчу юккъерчу школехь итт класс чекхъяьккхира Мовсара.

Дешарна, Iер-вахарна хIинца санна бегIийлаш яцара нохчийн ярташкахь оцу муьрехь.Уьш хилахьара бохуш садагийна хьийзаш стаг а вацара. Делахь а, халонашна къарцалуш, деша-м дийшира цхьаболчу кегийчу наха.

Царах цхьаъ вара Ибрагимов Мовсар а. Исбаьхьаллин литература алссам ешарна маттана шера, хаарш кIоргера дара дешархочун. Бераллехь дуьйна ирачу хьекъалца къаьсташ волчу Мовсаран дуьнене хьежар а, ойлаяр а шатайпанчу башхаллица билгалдуьйлуш дара. Массо а хIуманна духе кхийдара иза, дерг-доцург ма-дарра довза лууш, бакъ-харц къасто лууш.

Юьртарчу пхьоьхана хуьйшучу къаноша дуьйцучуьнца догIуш дацара школехь дуьйцург. Наггахь церан къамелашкахь нислучу галаморзахаллаша цецвохура кIант. Мовсар вина, кхиъна юрт, нохчийн дерриге а къоман ховха безам хьерчачу Хьаьжин-Эвлана юххехь яра. Цигарчу къаноша дуьйцург харц хуьлийла дацара.

Цул сов, вайна массарна дукхавеза Кишин воI Кунта-Хьаьжа Мовсаран дайшна тIевоьссина а, церан керташкахь сискалх веттавелла а вара. Цундела, къаьсттина садуура жимачу стеган цхьабосса шена дукхадезачу адамийн къамелашкахь йолчу галаморзахаллаша.

Бераллехь дуьйна ламазца-мархица волчу кIантана товш дацара хьехархоша бусалба дин емалдар. Хетарехь, историн Iилманийн хьаьрма Ибрагимов Мовсар кховдаран бахьанин цхьадолу орамаш оцу галаморзахаллех хьерчаш дара.

Дукха хьалхе кхоллабелира цуьнан даг чохь къоман исторера къайленаш яста, шеконийн кIайдаргаш дIаяха болу лаам. Итт класс чекхъяьккхина волуш, Мовсарна билггал хууш дара шех историк хирвуйла. Бакъду, оцу Iалашоне кхача дикка къахьега-м дийзира цуьнан.

Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхинчу 1976-чу шарахь Советийн Эскаре гIуллакх дан вигина иза, Узбекистанерчу Самарканде кхечира. Цигахь лаьтташ дара эскаран зIенан цхьадолу дакъош. Цигахь караерзийра зIенан белхан корматалла. Ялх баттахь Iамийра оцу чолхечу белхан къайленаш. Цул тIаьхьа Одесса гIала, схьавалийра бIаьхо. Хьалхарчу классан зIенча волуш, Одессехь чекхдаьккхира цо Эскарехь гIуллакхдар.

Iилмане боьдучу новкъахь

1978-чу шеран гурахь эскарехь гIуллакх дина ваьлла Ибрагимов Мовсар Даймахка цIавирзира. ЦIа вогIушшехь иза Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан кечам баран отделени деша дIахIоьттира.

Кечамбаран отделени кхиамца чекхъяьккхина, 1979-чу шарахь студент хилира Ибрагимов Мовсарх. Филологин факультет яра цо деша билгалъяьккхинарг.

Дешаре болчу безамца, гIиллакх-оьздангаллица, къамелехь шалхонаш цахиларца, нийсархошна юкъахь къаьсташ волу студент сиха билгалвелира университетан хьехархошна. Тимаев Вахас, Умаров Мухарис, Гакаев Жабраила, Оздоева Фирузас, Ефанов Константина, иштта, кхечу хьехархоша а шайн семачу тидаме лецира хаарийн кIоргене кхийда студент, оьшучохь гIо-накъосталла а деш.

Шен дерриге а дахарехула чекхбоккхур бу Мовсара цаьрга болу ларам а, безам а. Амма дешарна мел тIера хиллехь а, Iилманан гурашкахь сецна дацара цуьнан къона дахар. Университетан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара иза. Цундела шо шаре далале комсомольцаша шайн куьйгалле а хаьржира. Университетан шолгIачу курсехь доьшуш волуш дуьйна, деза хиллехь а, мелла а самукъане долуш, оцу заманахь дукха лараме долу дукъ дIакхоьхьуш вара Мовсар.

Юьхьанца эзар гергга студент доьшуш волчу шайн курсан комсорг вара иза, тIаккха ерриге а филологин факультетан комсорг хилира цунах. Эххар а, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан комсорг а хаьржира.

Билгалдаккха деза университетан комсорг хилар, цхьана йоккхачу кIоштан Комсомолан райкоман секретарь волуш санна, доккха жоьпалла долуш дарж хилла хилар а, цуьнан белхан декхарш дукха хилла хилар а. Амма Мовсар дика ларош вара шена тIедехкинчу декхаршца. Иза комсорг волчу муьрехь кегийрхошна юкъахь дIахьош болу кхетош-кхиоран болх лаккхарчу тIегIанехь дIахIоттийра.

Студенташ шайн дешаран кхерчан юкъараллин дахарехь дакъалаьцна Iаш бацара. Вайн республикехь дIахьош йолчу ерриге а мероприятийн жигара дакъалацархой бара уьш. Оцу хенахь йоккха сийллала яра вайн пачхалкхан университетан студент хилар. Вайн республикехь серладолуш, даьржина Iаш дацара дечу диканийн беркат.

Ибрагимов Мовсар куьйгаллехь волуш, Россин дуккха а гIаланашкахь хилла нохчийн студенташ белхаш беш. Беркате болам бара Советийн заманахь студенташа «стройотряд» цIе йолуш дозаллица айъина дIакхоьхьуш.

Университетехь доьшучу муьрехь, Нохчийчуьрчу «стройотрядана» даима а хьалхаваьлла хуьлура М.Ибрагимов. Цкъа а шаьш нохчий хилар диц ца дора вайн студенташа Россин муьлххачу гIала кхаьчча а, низамах, гIиллакх-оьздангаллех ца бухура.

Дуккха а Баркаллин кехаташ дохьуш цIабоьрзура. Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, хьалхаваьллачу Мовсаран хьуьнарех бозуш бара и юьхькIам. Цунна хаьара шен къона накъостий низаман гурашкахь совцо а, церан самукъадаккха а. Цундела дукхавезара иза массарна а. Ханна воккха вацахь а, ларам бара цуьнга университетан а, Нохч-ГIалгIайн Республикин а куьйгалхойн.

Цунна къеггина тоьшалла ду 1983-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь керла кхоьллинчу хьехархойн институтан балхах мокъа витина комсомолан секретарь иза хIоттавар. Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан пхоьалгIачу курсан студент вара иза и деза дукъ тIедуьллуш. Республикин комсомолан обкоман сацамца хьажийна вара Мовсар оцу дарже.

Хьехархойн институтан ректора Умаров Мухарис самукъадаларца тIелецира и сацам. Иза тешна вара дешарца а, керлачу даржаца а М.Ибрагимов ларориг хиларх. Цо университет кхиамца чекхъяьккхира. Институтан комсомолан болх жигарабаьккхина, хьакъ доллучу тIегIанехь дIахIоттийра. Мовсаран хьуьнар, хаарш, хьекъал, дика девзачу ректора аспирантурехь кхидIа дешар марздира комсоргана. Иштта юьхьарлецира цо Iилмане боьду некъ.

Iилманан хьаьрмахь

1986-чу шарахь М.Ибрагимов аспирантуре деша вахара. Кхоллараллин лехамаш, Iилманан талламаш, наб йоцу буьйсанаш. И дерриге гина, лайна, доьналлица оцу зерех чекхваьлла ву иза.

Тахана санна атта дацара Советийн заманахь диссертаци язъян а, иза тIечIагIъян а. Алссам къахьега дезара. Ткъа къахьега хьуьнар, хьекъал, доьналла оьшу. Дешаран кеп заочни яра. Амма диссертацина оьшу талламаш дIахьош иза кхийтира, шен даго ма-бохху Iилманан болх бан лаахь, дешаран кеп хийца езаш хиларх.

Комсомолан болх чIогIа тайнера цунна. Массарна дукхавезара, лорура, цо аьллачуьнга Соьлжа-ГIалин а, Нохч-ГIалгIайн а комсомолан куьйгалхоша ладугIура. Даржехь лакхаваккха герга ду бохуш, дуьйцуш хабарш дара. Цхьаболчара дийцарехь, Соьлжа-ГIалин комсомолан хьалхара секретарь хIотто беш кечамаш бара.

Делахь а, уггаре и хабарш жигарадевллачу хенахь, цIеххьана комсомол дIатесна, иза аспирантуре очни деша вахара. «Iедало стройотрядашна тIехь деш долу куьйгалла» яра цуьнан диссертацин тема. Дешар очни кепе дерзоро таро хилийтира диссертацина тIеверза.

1989-чу шарахь Ленинградерчу пачхьалкхан университетехь боккхачу кхиамца тIечIагIйира Мовсара Iилманийн кандидатан диссертаци. Иттех шарахь сов болх бира цо Iилманийн кандидат ан дисс ерт аци тIечIагIйинчул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хьехархойн институтехь, хьехархочун, лакхарчу хьехархочун, историн кафедрин доцентан даржашкахь белхаш бира цо.

1995–1999-чуй шерашкахь оццу кафедрин куьйгаллехь болх бина М.Ибрагимовс. Муьлххачу даржехь хиллехь а цуьнан лаам цхьаъ хилла: нохчийн къоман тIекхуьуш долу чкъор ийманехь, гIиллакхехь, Даймохк безаш, кIорггера хаарш долуш, халкъана, махкана пайдехь хилийтар. Цо доггах къахьегна, тахана а хьоьгу шена хьалха болу студенташ иштта хилийта лууш.

Шегара хаарш кхоа ца деш, дIаделла, хан-зама ца лоруш деша, Iама луучарна. Тахана дукха хьехархой бу М.Ибрагимовс Iамийна вайн школашкахь къахьоьгуш.

1997-чу шарахь Мовсара Iилманийн докторан диссертацина тIехь болх дIаболабо. «Юкъаралла а, Iедал а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь (Къилбаседа Кавказан къаьмнийн республикийн масалшна тIехь)» яра диссертацин тема.

Ларамаза дац аьлла хета Iилманчас къастийна и тема харжар. Ша схьаваьллачу нохчийн халкъан лазамаш ца бевзаш хуьлийла дацара иза. Дуьненна хууш ду инзаре ирча денош оцу муьрехь нохчийн кхолламехь хиллий. Вайнехан дуккха а яхь йолу кIентий буьрсачу тIеман арахь лаьтташехь, Сталинан хьадалчаша махках баьхна нохчий а, гIалгIай а. ХIинца-м массара дуьйцу иза. Амма оцу хенахь и дийца, хьахо хIуттуш дукха нах бацара.

Делахь а, Мовсар шен диссертацехь Iилманчин тидам тIеозийра, цкъа а ца хилча санна, бицлуш лаьттачу оцу лазамна. Москварчу пачхьалкхан хьехархойн институтехь 1999-чу шарахь чIагIйира цо диссертаци. Ткъа 2000-чу шеран чиллин (февраль) беттан 16-чу дийнахь Россин Федерацин дешаран министерствос тIеэцначу сацамца, историн Iилманийн докторна Ибрагимов Мовсарна историн кафедрин профессоран сийлахь цIе елира.

Цуьнан бIе гергга Iилманан статья а, ворхI монографи а ю зорбане яьккхина. Царна юкъара билгалбаккха луур дара цо шен вешица, Ибрагимов Мусаца цхьаьна бина болх. Иза 2003-чу шарахь зорбане яьлла книга ю: «Чечня: через круги ада переселения и депортации».

Боккха талламан болх бу иза, яздинарг бакъдолчунна тIера схьаэцна хиларна далийна тоьшаллаш (библиогафин билгалдахарш) долуш. Къоман исторехь дегаIийжаме киртигаш хилла даьхкина шераш, вайнаха лайна Iазап-бала буьйцу оцу книги тIехь.

Оьрсийн паччахьан ямарт политика бахьанехь, XIX-чу бIешеран юккъехь нохчий Хонкара дIакхалхар а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах Казахстане а, Юккъерчу Азе дIахьовсар а дуьйцу.

Иштта, дешархойн тидаме диллина авторша ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Iедалан тIаламазалла бахьанехь, буьрса тIом кхехкаш, Нохчийчохь лаьттина бодане денош. КIорггера Iилма, бух боцу хIорд санна, хаарш, ира хьекъал, доьналла долчу историкаша шайн книги тIехь, цхьаннах ийза а ца луш, майрра яздо вайн махкахь тIеман цIе кхарстаран бахьанех, и тIемаш бахьанехь халкъана, махкана хиллачу зенех.

Мехала книга ю Ибрагимов Мовсара а, цуьнан воккхахволчу вашас а язйинарг. Нохчийн къоман къаьхьа чам беттало истори йовза луучо еша хьакъ долуш ю иза. Иштта мехала белхаш профессоран дуккха а бу. Царах цхьаъ «Вклад чеченского народа в победу над фашизмом в Великой Отечественной войне» книга ю. Дукха хабарш хезара немцойн фашисташа тIелатар дича, Даймахкана нохчаша накъосталла ца дина, тIамехь дакъа ца лаьцна, бохуш. И хабарш цхьа а бух боцуш хилар гойту Мовсара шен 2005-чу шарахь зорбане яьллачу книги тIехь.

Оцу темина дукха Iилманан белхаш бина цо. Масала, 2007-чу шарахь цо язйина «Чеченская Республика в период Великой Отечественной войны». Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, нохчийн халкъо хьанал къахьегна хилар гойтуш ю историка 2015-чу шарахь язйина «Подвиг во имя Родины» книга а. Бийцина ца валлал дукха бу профессора бина и тайпа мехала белхаш. Цуьнан хьанал къинхьегам, Iилманехь яьхна кхоллараллин лакхенаш тидаме эцна, 2001-чу шарахь «Почетный работник высшего профессионального образования Российской Федерации» сийлахь цIе елира М.Ибрагимовна. Цунна иза хьакъ а яра. Халкъана, махкана эшначохь цкъа а ша кхоийна вац иза.

Нохчийн къоьжачу лаьмнаша амал яхчийна, халкъан дуьхьа ваца Iамийна, диканаш дебо марзвина, дерриге а дуьне маракъовллал деган комаьршалла, сирла са долуш стаг ву Ибрагимов Мовсар.

Министр

Дийцина ца валлал дукха долчу, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан диканех цхьаъ ду Москварчу пачхьалкхан хьехархойн институтан историн кафедрин куьйгаллехь хилла Ибрагимов Мовсар, 2004-чу шеран хIутосург баттахь кхайкхина цIавалор. Иза цIаверзор ларамза дацара. Иза Нохчийн Республикин къаьмнийн политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр хIоттийра.

Чолхе зама яра иза. Гобаьккхина халкъан мостагIий бара тайп-тайпана зуламаш деш. Царал а жигара хьийзаш Росси йохийна, масийтта декъе ерзо лууш болу малхбузерчу пачхьалкхийн векалш бара. Церан ахчанах Iехаелла, Даймахках сийна цIе яьлча а бен ца хеташ, цхьацца питанаш кегош, хьийзаш, Россин бахархойн «Бакъонаш ларъяран» тобанаш кIеззиг яцара.

Оцу хьолехь дIаболийра Ибрагимов Мовсара Нохчийн Республикин къаьмнийн политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран даржехь болх. Масех бутт балале, цо Нохчийн Республикин пачхьалкхан къоман политикин концепци кечъяйтира.

Шуьйра йийцаре йинчул тIаьхьа, 2004-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь республикин Iилманан-практикин конференцехь тIеийцира цуьнан дуьххьарлера кеп. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Президентан даржехь волуш, дуьххьара тIе куьг яздинчу Указаца тIечIагIйина ю и концепци.

Мехала документ хилла дIахIоьттина иза. Министр волуш, кест-кеста кечйора цо Нохчийн Республикин, Къилбаседа Кавказан, Ерригроссин, Дуьненаюкъара Iилманан конференцеш. Дийцаре дохкуш тайп-тайпана гIуллакхаш дара, дакъалоцуш дуьненна бевза Iилманчаш хуьлура.

Мехала яра Мовсаран дIадолорца юкъаяьккхина «ДоттагIаллин цIерпошт» цIе йолу акци. 2005-чу шеран мангалан (июль) беттан 22-чу дийнахь новкъаелира Россин массо маьIIе кхача Iалашо лаьцна Соьлжа-ГIалара цIерпошт. Вайн республикера бIе гергга стаг вара цIерпоштан еа вагон чохь: артисташ, яздархой, журналисташ, Iедалан белхахой.

«ДоттагIаллин цIерпошт» беха некъ беш, Къилба-Сахалине кхача лерина яра, яккхийчу гIаланашкахь цхьацца-шишша де а доккхуш, цигарчу бахархошна къоман культура йовзуьйтуш, доттагIалин зIенаш дIатосуш.

«ДоттагIаллин цIерпошта» тIехь новкъа бевллачеран Iалашо яра вайн къомана тIехь кхоьллинарг харц цIе хилар, вай террористаш цахилар дIахаийтар, къоман культура йовзийтар. Шина баттахь сов лийлира «ДоттагIаллин цIерпошт» Россин аренаш гезъеш. Эххар а, Москвахула, Санкт-Петербургехула чекхъяьлла, 2005-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 20-чу дийнахь Соьлжа-ГIала цIайирзира.

Дуьйцила доцуш, мехала гIуллакх дара «ДоттагIаллин цIерпошто» динарг. Цо йовзийтира Россин бахархошна бакъйолу къоман юьхь, гайтира цуьнан похIмечу кIентийн а, мехкарийн а хьуьнар, корматалла.

Цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша къинхетамза юкъайиллина дегазалла, херонан шело дIаяккха ницкъ кхечира цуьнан. Кханенан ойлаеш, къоман хиндерг серладала, нохчийн халкъан адамалла дIайовзийта лууш йина беркате ойла хиллера Ибрагимов Мовсаран «ДоттагIаллин цIерпоштах» хьирчинарг.

Юкъараллин гIуллакхашна алссам тидам тIебахийтахь а, министра шен белхан коьрта декхарш тидамаза дуьтура. Иза министр волуш, пачхьалкхан хаамийн политика цхьаъ яра, массо а газет, журнал цхьана куьйга кIел дара. Хьанна хIун оьшу хаара, белхахо муьлхачу даржехь лакхаваккха веза, муьлхачу даржера воссо веза хаьара.

Делан къинхетамца масех кIоштан газетийн редакцешна керла гIишлош йира, регионан шуьйрачу хаамийн тоьллачу белхахошна «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлахь цIерш елира. Ибрагимов Мовсар министр волуш, дуьххьара билгалдаьккхира Нохчийчохь шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн де. Йолчу таронца гIо-накъосталла дира оцу журналистийн доьзалшна.

Ткъа уггаре а коьртаниг, ерриге а министерствон болх низамехь дIахьош бара. ХIора кIиранах кхеташонаш йора, кхиамаш а санна, ледарлонаш а йийцаре еш. Газета тIехь цхьа гIалат хилар а йоккха ледарло лоруш яра. Бехкениг билгалвоккхуш а, жоьпе озош а вара. Цундела массера цуьнга ларам бара. Цуьнца болх бар дозалла хетара.

Зовкхе тахане

Ибрагимов Мовсар 60 шаре кхаьчна хиларх теша хала ду. Иза массо а хенахь санна, товш, хаза стаг ву. Цуьнан оьздачу синан хазалла ю иза серлавохург. Халонашка, бохамашка ца каглун амал, эшамашка ца хьашало синъондалла ю.

Дерриге нохчийн халкъ санна, вайн махкахь кхихкинчу буьрсачу тIеман къахьо гина, иза лайна ву иза. ХIусамах а, чохь хиллачу йийбарх а ваьлла. ТIеман къизалло хеназа вожийна ваша лахьтин кийра верзийна. ТIехь да воцуш дисинчу вешин берашка гIийлачу ойланашца бIаьрахьежна. Делахь а, цуьнгахь доьналла хилла дерриге а халкъе тезет хIоьттинчу муьрехь шен цхьаьннан лазам айбина ца хьийззал.

Цергаца балда лаьцна, цо шегахь хуьйдина дегаIийжаме баланаш а, кийра морцу гIайгIанаш а. Мел хала делахь а, цкъа юьхьарлаьцначу Iалашонна юха ца волуш, хьалхахьа дIагIиртина Ибрагимов Мовсар. Цундела кхаьчна иза толамийн лакхенашка.

Тахана Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан Даймехкан историн а, политологин а кафедрин профессор ву иза. Ибрагимов Хьамзатан цIарах йолчу Россин Iилманийн академин Комплексни Iилманийн-талламан институтан коьрта Iилманан белхахо а ву, Нохчийн Республикин хьехархойн университетан историн кафедрин профессор а, Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу пачхьалкхан университетан профессор а ву.

Халкъана, махкана пайдехь болуш, шайн да-нана санна оьзда, кIорггера хаарш долуш доьзал а хьалакхиийна Мовсара а, цуьнан хIусамнанас Зинас а. Церан виъ доьзалхо ву: ши кIант, ши йоI. Йоккхах йолу йоI Залина Москвахь университет чекхъяьккхина, юрист ю.

КIант ВахIид, дуьненна евза Плехановн цIарах йолу академи чекхъяьккхина, банкехь болх беш ву.

ШолгIа кIант Мурад Россин Губкинан цIарах йолу мехкадаьттан а, газан а университет чекхъяьккхина, шен корматаллица болх беш ву.

Ткъа жимах йолу йоI хIинца студентка ю, юрист хила Iалашо лаьцна доьшуш.

Нохчийчоь ирсе кхачо йолчу беркатечу кханенан исбаьхьа заза ду. Цхьа мискъал а шайн дех тера хилахь, цхьа а шеко яц, уьш вайн мехкан дозалла хилла дIахIуьттург хиларх. Царна эхь ду кхечу кепара хилахь. Нохчийн къоман тоьллачу адамех цхьаъ ву церан да. Цунна деш дукха тоьшаллаш ду, белхан накъосташа а, иза вевза-везачара а.

Цо ца лехна бахамаш, ца къийсина даржаш, ца къихкина халонех. Хьаналчу къинхьегамехь ирс карийна, цунах воккхавеш схьавеана. Иза ваьхна Iилманан серло яржош. Вайх хьерча оцу серлонан беркат дикане, адамалле, къинхетаме, комаьршалле кхойкхуш.

Ма дика ду иштта адамаш вайн махкахь долуш.

А.ГАЗИЕВА

№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Уважаемые пользователи!

Просим сообщать о возможных ошибках, а также  замечаниях и пожеланиях по информационному наполнению интернет-сайта, по адресу  Этот адрес электронной почты защищен от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра.


Design by © DJUMAR | All rights reserved.